«Дайн мотт - инзаре, оьзда, токхе»

23.01.2023

Радужни йуьртара йуьззина йоцу йукъарадешаран  ишколехь 9-чу классан дешархошца д1айаьхьира горга стол «Дайн мотт - инзаре, оьзда, токхе» темина лерина. Горга стол лерина йара дешархойн маттах долу хаарш шордарна, ненан матте болу безам алсамбаккхарна. Х1иттийна 1алашонаш кхочушйан аьтто а хилира.